16
Дала леррина къобалвинчу Iийсан истори ХIара билггал бакъ йолу истори, ДуьХХьалДIа Долчу аДамал ДуккХа а сов Хиллачу Дала леррина къобалвинчу IийсаХ лаьцна ю. Дала леррина къобалвинарг – Делан цХьаъ бен воцу кIант ву. Дера, иза массо ницкъ болуш вара, ур-атталла моХ а, ХIорД а цунна муьтIаХь бара. амма ХIорД ДIатебар – уггар ДоккХа Iаламат Дацара Дала леррина къобалвинчу Iийсас кХочушДинчареХ. уггар а ДоккХа Iаламат цо Хьан ДуьХьа Дина! еша, тIаккХа Хьуна Хуур Ду иза ХIун Iаламат Ду… All Rights Reserved © David C Cook

Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

  • Upload
    others

  • View
    4

  • Download
    0

Embed Size (px)

Citation preview

Page 1: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

Дала леррина къобалвинчу Iийсан

истори

ХIара билггал бакъ йолу истори, ДуьХХьалДIа Долчу аДамал ДуккХа а сов Хиллачу Дала леррина къобалвинчу IийсаХ лаьцна ю. Дала леррина къобалвинарг – Делан цХьаъ бен воцу кIант ву. Дера, иза массо ницкъ болуш вара, ур-атталла моХ а, ХIорД а цунна муьтIаХь бара. амма ХIорД ДIатебар – уггар ДоккХа Iаламат Дацара Дала леррина къобалвинчу Iийсас кХочушДинчареХ. уггар а ДоккХа Iаламат цо Хьан ДуьХьа Дина! еша, тIаккХа Хьуна Хуур Ду иза ХIун Iаламат Ду…

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 2: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

марем Хьайн зуДа Хила тIеэца ма

кХера, ур-атталла иза бер Хиларе сатуьйсуш елаХь а.

Дала иза шен кIентан нана Хилла ДIаХIотта Хаьржина. цо бер Дича, цуьнан Iийса аьлла, цIе туьллур ю аХьа, ХIунДа аьлча цо аДамаш

къинойХ кIелХьарДоХур Ду.

Далла аДамаш Деза. гIайгIане Ду, амма аДамаша сиХ-сиХа тергал ца во иза, тIаккХа цуьнан лаамашна ДуьХьал ирча ХIуманаш а лелаДо, цу гIуллакХо уьш везачу элаца Долчу ДоттагIаллеХ а ДоХу. амма цуьнан и ДоттагIалла карлаДаккХа Iалашо яра! кХунаХ лаьцна ю ХIара Iаламате истори. Дала юсупа яло езаш йолчу йоIаХ лаьцна инзаре керланиг ДаХьаш малик ДаХийтинера цунна.

юсупна Дела везара, цунДела иза, ДуьХьало ца еш, маликаХ тийшира. цу ДийношкаХь кесарера Дерриг а лаьтта тIеХь аДамаш ДагарДан Дезаш Хиларан омра Даьллера. иштта галилай-маХкара назарт-гIалара ДауДан байтлаХам-гIала, яХIуД-маХка ваХара юсул а, ХIунДа аьлча иза ша ДауДан цIийнаХ а, тайпанаХ а волу Дела. иза шен бераХ йолчу зуДчуьнца маремаца ДIаязвала ваХанера. уьш гIала кХаьчча, цо бер До Хан тIекХаьчнера.

оХа беХХа некъ бина, цу тIе сан зуДа кестта

бер Дан Дезаш а ю. тХуна буьйса яккХа

совцарХьама, чу ДаХа меттиг еза.

кХузаХь шуна меттиг яц. ерриг а байтлаХамеХь цХьана а Хьешан цIа чоХь

яьсса меттиг карор яц шуна.

2

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 3: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

кIаДДелла Долу марем а, юсуп а Дийнаташ Iаш Долчу божалаХь совца Дийзира. оццу буса Iийса Дуьнен чу велира. марема ХIинцца вина волу Iийса Дийнаташна яа ХIума юьллучу ХьаьвДи чу виллира.

цу буьйсанна байтлаХамна ДеХьа аренгаХь Iуй бара шайн жа Дажош. цаьХХьана царна стигалаХь малик гира.

ХIун Хуьлуш Ду?

ма кхера! аса сийлахь

даккхийдер деана шун а, дерриге

адамийн а дуьхьа!

Дела, кIелхьардахахьа

тхо!

тахана шун дуьхьа кIелхьардохург

дуьнен чу ваьлла. Далла хастам бу стигалашкахь,

лаьттахь хIоранна машар а! 3

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 4: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

Хан тIе а кхаьчна, Iийса цIе йолу бер доккха хилира. иза Дас хьажийна долу гIуллакхдар дан волалучу хенахь, цуьнан герггарчу хьесапехь 30 шо дара. Iийсас иза яхьъя цIе йолчу стаге ша хих чекхваккха дехарна тIера дIадолийра. яхьъя вевзаш волу хьехамча вара, цо адамаш Далла тIе юхадерзарна тIекхойкхура, тIаккха цунна Iийса къаьсттина стаг вуйла а хаьара.

Хьо – Делан кIант ву!

со Хьо хих чекхваккха хьакъ

долуш вац!

яхьъя, Дала хьо со дуьненна вовзийта

хаьржина.

яхьъс Iийса хих чекхваьккхира. Iийса хи чуьра араваьлча, цунна тIе кхокханан гарехь долу Деза са охьадоьссира. тIаккха стигалашкара аз а дара.

кхаа шарахь Iаламаташ кхочушдира цхьаъ бен воцчу Делан кIанта. цо бIаьрзенаш а, къоранаш а, тайп-тайпаначу цамгарша баланаш хьоьгуьйтуш болу берриш а тобора. цо ур-атталла адамаш деллачуьра ден а дора. Iийсана бераш дукхадезара, иза къечаьрца а, гIаддайначаьрца а дика вара. Дуккха а берш бара цунна тIаьхьахIиттина. ша миччанхьа велахь а, цо массанхьа а шен Да-Делах лаьцна дуьйцура. Дала леррина къобалвинчо адамаш Дела везарна а, цунна гIуллакхдарна а тIекхойкхура.

Iийсас лаьттахь мел веха, дуккха а хIуманаш динера. нагахь дерриге а цуьнан гIуллакхаш дIаяздойла хилча, дуккха а киншканаш араевр яра.

ХIара сан везаш волу кIант ву, цуьнца ду сан

декъалалла!

кхузахь цо кхочушдина цхьадолу гIуллакхаш ду…

4

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 5: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

Iийса безаме а, хьекъалалле а хьехархо вара. адамийн тобанаш гуллора цуьнан дийцаршка ладогIархьама а, Iаламаташ

гархьама а. цкъа Дала леррина къобалвинарг дуккха а адамашна хьехамаш беш вара. ладогIархой мацбеллера, амма яа хIума цхьана кIантехь

бен яцара, иза а цунна шена яъал бен яцара. амма кIанта яа хIума

чохь йолу тускар Iийсага дIаделира.

Дела, сан Да, баркалла Хьуна

хIокху бепигна а, чIерана а тIера!

Iийсас доIа дира, цул тIаьхьа 5 000 сов адам дузийра кIанта еанчу цу яа хIуманца.

иза Iаламат ду!

5

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 6: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

цкъа Iийсан доттагIий хинкеманчохь хийшина Iаш бара, тIаккха цIаьххьана царна хи тIехула вогIу цхьаъ гира.

иза Iийса вара! иза хIорда тIехула чIогIачу лаьтта тIехула санна вогIура. мурдех цхьаъ Iийсан нуьцкъалаллах а тешна, хи тIехула волавелира!

иза Iийсага мел хьоьжу, хи тIехула валора, амма цо шен хьажар кхерамечу тулгIенашна тIе ма хьажжийна – иза кхера а велла, хи буха ваха волавелира.

веза эла! кIелхьарваккхахьа

со!

Хьо сох шек хила ца веза.

Хьо билггал Делан кIант ву!

и шиъ цхьаьна хинкеманна тIе хьалавелира.

6

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 7: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

адамаш Iийса Делан кIант хиларх тешара. коьртачу Динан дайшна ца везара Iийса, иза бахьанехь шайгара олалла дIадаларна кхоьру дела.

Дай-наноша шайн бераш Iийсана тIе даладора.

амма Iийса берех воккхавоьра.

вайга урхалла муха далур ду, нагахь цо кхидIа а Iаламаташ

деш хилча?

муха ю цуьнан Iалашонаш? иза

пачхьалкх дола яккха воллуш ву? иза

кхераме ву!

вай иза вен веза, цо кхин а яккхийн халонаш

яле. амма иза чIогIа цIе яхана ву адамашна

юкъахь. вай тамечу муьре сатийса деза.

суна Iийсас сан кIант декъалван лаьа!

ХIан-хIа! ДIадаха бераш! Iийсан са ма

гатде!

сан Дена бераш а, сох тешаш волу

хIорра а веза. суна уьш сайна тIе дахка

лаьа.

7

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 8: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

иза кхидIа а Iаламаташ деш ву

шех Делан кIант цIе а йохуш.

вай Iийса сацо веза, цунах кхин а алсам адамаш

тешале.

со Делан цхьаъ бен воцу кIант ву. ХIорра а сох тешнарг, лийр

вац, амма сьоца стигалашкахь

абаденна вехар ву.

ве иза! ве иза!иза лартIехь

вац!

оццу хенахь коьрта динан дай сих-сиха холчу хIуьттура Iийсас адамашна беш болу хьехамаш бахьана долуш.

цкъа Iийса Делан цIийнан тIегIанашна тIера къамел деш вара.

амма Iийса парггIат тобанан юккъехула чекх велира, тIаккха иза цхьаммо хье а ца вира.

8

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 9: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

Дукхахболу коьрта динан дай а, къаной а Iийса Делан кIант хиларх ца тешара. амма уьш, нагахь Iийсана зулам дахь, халкъ гIаттарна кхоьрура. цундела коьртачу динан дайша Iийсан мурдех цхьанна, цо иза римхойн салтийн кара дIалург, ахча деллера.

Iийсаца хилла болу мурдаш, иза ларван лууш бара.

маршалла ду Хьоьга, устаз!

ХIан-хIа! ца оьшу! маликийн легионаша къийсам латтор бара

соьгахьа, нагахь суна лиънехьара. амма

хуьлуш ерг – Делан Iалашо ю.

9

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 10: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

таIзар кхочушдинчул тIаьхьа, салташа, коьллех таж а дина, Iийсан коьрта тIе тиллинера. тIаккха, бийла а буьйлуш, цунна тIе цIен оба юьйхира.

вахь! Хьо муха хуьлу

Делан кIант?

пулатана Iийса бехке воцийла хаьара, амма иза тобанан дераллах кхоьрура.

шайна луъург де цунна.

шед етта цунна!

ве иза!жIарах дIатоха иза!ве иза!жIарах дIатоха иза!

Дерриг а шен дахарехь Iийсас цхьа а вон хIума ца лелийнера, амма мостагIаша иза римхойн урхалча волчу понти пулатана тIе а вигна, Дала леррина къобалвинчо ирча хIуманаш лелийна аьллера. пулат царех ца тийшира, амма цо шен салташка Iийсана шед етта аьлла, омра динера.

10

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 11: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

Дуккха а нахана везара Iийса. царна иза – Делан кIант вуйла хаьара. Дуккха берш цецбуьйлура, Iийсас кIелхьарвалархьама, шен нуьцкъалаллах паэйда хIунда ца оьцура, бохуш. цара иза Делан Iалашонан дакъа хилар тIе ца оьцура.

жIара еза хиларна Iийса охьакхеттера. вевзаш воцчу стага жIара схьа а эцна Iийсан меттана дIаяьхьира.

ве иза!жIарах дIатоха иза!

11

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 12: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

Iийса шина талорхочунна юккъехь жIарах дIатоьхна вара. иза ирча хIума дара!

Iийсас масех сахьтехь жIара тIехь бала хьегнера. иза веллачу хенахь, латта дега а дира, малх а кхоьлира. Iийсан доттагI волчу стага цуьнан дегI схьаэца а, къуббичу дIадолла а бакъо яьккхинера.

сан Да, Дела, гечдехьа царна,

шаьш хIун леладо ца хаьа царна.

12

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 13: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

ма кхера! Iийса дийна ву!

иза веллачуьра денвелла! цо ша

денлур ву бохура, амма вай ца тешара цунах!

ма делха, со Iожаллал

нуьцкъала ву.

цуьнан мурдаш теша а ца тешна, къубба йолчу бевдира, цу гIуллакхах билггал тешна хилархьама.

тIаккха Iийса царна гучувелира.

масех де дIадаьлча зударий Iийса дIавоьллина къубба йолчу баханера. амма цуьнан дегIан метта царна шайга сатуьйсуш долу малик гинера.

13

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 14: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

масех де дIадаьлча Iийса цунна тIаьхьахIиттинчарах волчу пхи бIе стагана гучуваьллера. ХIаъ, шеко йоцуш, иза дийна ву. цо Дас шена хила хьехна болу болх чекхбаьккхинера. ХIинца цуьнан мурдаша бийр бу болх. оьшучу хенахь, Дала царна шен ницкъ лур бу, тIаккха цара дерриг а дуьненна Iийсас вайна массарна тIера а, къиношна тIера а баланаш хьегна хиларх дуьйцур ду.

цул тIаьхьа Iийса стигалашка юхавирзира, ткъа цуьнан доттагIашна иза хьалаволуш а гира.

Даха а гIой Хазачу кхоах лаьцна хьехамаш бе.

массарна а сох лаций дийца. со даим а

шуьца хир ву.

14

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 15: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

къино адамашна вон до. вай Далла генадахар бен ца

деш долчу къинах, цхьа а диканиг ца хуьлу. гIайгIане делахь а, амма

вай массара а къинош летийна. стен кIелхьардахало вай къинах? цуьнан дуьхьа ван а веана Iийса, жIара тIехь вала а велла,

вайн дерриге а къиношна тIера таIзар дIаэцархьама. амма тIаьхьа иза денвелла.

иза къинал нуьцкъала ву. цуьнга вай къинах кIелхьардахало. Хьан, Iийсана тIе а веана, къинах дIаверза бен ца оьшу, иштта хьан

абаденна цуьнан долахь хуьлийла ду, тIаккха цкъа хьо стигалашкахь

цуьнца цхьаьнакхетар ву.

цу дийнахь дуьйна дIа, Iийса везаш хилла берш, дерриг а дуьненахула дIасабахара, хIоранна а Iийсага къинойх кIелхьардахалуш хилар а дуьйцуш. массо а ницкъийн Дела хIораннан а стигалара Да хила лууш ву. иза бу и Хаза кхаъ!

ХIара билггал бакъдерг деша а деший, хьо реза волчу чIагIдарна юххехь билгало е.

Дела – безам болу Стигалара Да ву. Цунна сан доттагIа хила а лаьа, амма со вон лелара, Цуьнга ла а ца дугIуш. Со, дерриг а айса динчу вонашна тIера, таIзар хила хьакъ долуш ву.

Амма Далла, аса динчунна догIург суна тIера дIадаккхархьама, Шен везаш волу КIант Iийса таIзар хиларна вахийттал, дукха веза со. Ткъа Ша Iийсас цкъа а цхьа а вониг ца дина.

Iийса инзаре ву. Цунна бераш а, баккхийнаш а беза. Цунна къенаш а, хьалдерш а беза, олалла долу а, олалла доцу а адамаш деза. Цунна хIорра а веза. Цунна со Делан доьзалх дIакхеттал дукхавеза. Цуьнан дуьхьа велла Иза.

Iийса лаьттара хIора стеган къиношна тIера велла. Амма хIара дийцаран чаккхе яц.

Iийса дахаре юхавирзина! Iийса кхин велла вац. Иза тахана дийна ву!

Iийсана суна Ша везийла а лаьа, Шена тамехь со вехаш хуьлийла а лаьа. Цу гIуллакхо суна а, сан Стигаларчу Дена а воккхавер дахьар ду.

Iийсана тIаьхьахIоьттина лела лаьий хьуна?

15

All Rights Reserved

© David C Cook

Page 16: Дала леррина къобалвинчу Iийсан © David C Cook истори · стигалаХь малик гира. Хiун Хуьлуш Ду? ма кхера! аса

@ 2010, Дэвид С. Кук. Суьрташ Серджио Кариэллон ду. Зорба тохар авторски бакъонан долахочун магорца деш ду. Ерриге бакъонаш ларъйина ю. Гочдар а, адаптаци а – «Синан хьалакхиаран» Ассоциаци.Salvation poem written by Matt and Sherry McPherson.

Делан Йозанашкахь Делах а, Цуьнан цхьаъ бен воцчу КIантах а лаьцна дуккха а сов яздина ду. ХIорш ду Делан Йозанашкара хьуна кесттачу хенахь деша луун долу дакъош:• Цхьаъ бен воцчу а, билггал бакъволчу а Дала

дуьне а, вай а муха кхоьллина (Доладалар, 1-ра а, 2-гIа а кортош).

• Адамаш цхьаъ бен воцчу а, билггал бакъволчу а Делах дIа муха дирзина (Доладалар, 3-гIа корта).

• Делан КIант волчу Дала леррина къобалвинчу Iийсан лаьттара дахар муха дIадахана (Мат-тайс а, Марка а, Лакас а, Яхьъяс а дIаязбина болу Iийсас беана Хаза кхаъ).

• Дезачу Сино вайна Далла тамехь долуш даха гIо муха до (Яхьъяс дIаязбина болу Iийсас беана Хаза кхаъ, 14-гIа корта, 15-21 аяташ).

• Муха кхоллаелла Динан тоба (Векалийн гIуллакхаш, 2-гIа корта).

Дагахь латторна долу аяташ: 2 Коринтхошка 5:17; 1 Яхьъяс 3:24; Яхьъя 14:21.

1-ра гIулч – Iийсага хьайна Иза везийла а, Цо хьайна диначун дуьхьа айхьа баркалла бохуш хилар а дIаала.

2-ра гIулч – айхьа дерриг а вон диначунна тIера хьайна халахеташ хиларх а, хьо къинах дIаверза а, Цуьнгахьа верза лууш хиларх а ала Iийсага.

3-ра гIулч – Цо хьайна гечдийриг хиларх хьо тешаш хилар дIаала Iийсага.

4-ра гIулч – хьайна гечдар а, дерриг дахарехь Цунна тIаьхьахIоьттина лела гIо дар а деха Iийсага.

5-ра гIулч – Цунна хьан доIа дIахезаш хиларна а, хьан къинна гечдеш хиларна а тIера баркалла ала Iийсана.

1-ра гIулч — хьайн сацамах лаций, Iийса везачу стаге ала. ХIора денна Iийсана тIаьхьахIоьттина лела инзаре хихарх а, Цуьнца абаденна стигалахь ваха инзаре хирг хиларх а лаций къамел де. Шайн хIинца а дог деттадолуьйтуш долчу хаттаршна жоьпаш далар цхьаьна леха.

2-гIа гIулч — нагахь хьайна гена доццуш, динан тобанехь я цхьаьннан цIахь цхьаьнакхеташ йолу Iийсан доттагIийн тоба йовзахь, цунах дIакхета. Иштта бен хIора денна Iийсана тIаьхьахIоьттина лела биначу хьайн сацамна тIехь чIоггIа висалур вац хьо.

КхидIа йолу гIулчаш

Дала леррина къобалвинчу Iийсан истори Дэвида С. Кука кхоьллинчу The Action Bible тIера адаптировать йина. Chechen language

сайн къа дицдар Iийсага муха деха деза аса? ХIара де:

Хьан Iийсаца муьлххачу а хенахь къамел дойла ду. къамел де цуьнца хезаш я хьайн дагахь.

Дуккха дерг довза деза хIинца а!

www.globalchurch.com

ДоIаIийса, хIаллакьхилларш

кIелхьарбахархьама, Хьо жIара тIехь вала а велла, цул тIаьхьа денвелла. ХIинца сан къинна

кхоччуш гечдехьа, сан дахарехь веза эла а, ДоттагIа а хилла

дIахIоттахьа. сан керла дог а дай, дахарехь дика хила гIо дехьа суна.

All Rights Reserved

© David C Cook